ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIерпошт – шапсугийн эвлашкахула


Хутова Заира

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, ша Къилбаседа Кавказе веъча, билгалъяккхира «стратегин Iалашо», Сочина гергара, Iаьржачу хIордан йистонца Iуьллучуьра дIа а баьккхина, чоьхьа оза беза аьчкан некъ, аьлла. Президента аьлларг кхочушдахь, керла некъ хир бу чергазех болчу шапсугийн ярташкахула чекхболуш – ткъа оцо зен дийр ду ишта а жимма бен дисина доцчу къомана, боху юкъархоша.

Сочера хьаькамаш вуно реза бу Путина аьллачунна – лаьа царна ма-хуьллу сиха некъ шаьш долучуьра дехьабоккхийла. Цара бахарехь, керлачу ачка некъо шорйийр ю туризм, лахйийр ю Соче кхача, йийбар чуйохьуш ен харж, бацбийр бу хIорда тIе лелачу нехан некъ.

Шапсугийн жигархо Гвашев Руслан дуккхаза а гIиртина шен жима даймохк индустрин чалхашка хIаллак ца байта. Амма ца хеза цуьнан леткъамаш Сочерчу Iедална – маьIна доцу сингаттам бу цо балхориг, аьлла цуьнга.

"Некъан проект тIеэцна яьлла, ахча а къастийна цунна. Тхан, Краснодар махкахь, Iаьржа хIорда йистехь эзарнаш шерашкахь даьхначу къоман, цхьа статус хилча-м дика дара, амма бац тхан хиндолчух теша бух. Некъан аса билгалйоккхуш а, я иза толлуш а вац тхох комиссе кхайкхина стагга а. Ткъа мел дукха ю некъан асано хIаллаъйийр йолу историн, археологин хазанаш! – яздина Руслана шен Фейсбук-агIонтIехь байначу баттахь.

Шапсугийн ярташ хIаллакйийр ю некъо, боху Адыгейрчу жигархочо, «Адыгэ Хасэ» юкъараллин декъашхочо Негуч Шамсудина а.

"Со цецвала хIума дисина а дац. РогIехь ахчанах катухуш бу, оцо даима а санна экологина, хьадан магийна доцчу латтанашна эшам бо. Оьрсийчохь оьшшучул ахча п дойий, чекх ца доккху хIумма а – катуху ахча алссам хьулу. Дагалоцур вай Сочера олимпиада, дуьненаюкъара футболан чемпионат, ГIирме тиллина тIай, «Малхбале» космодром, Сколково, дуккха а кхийолу проекташ, цара хьалакхаьллина ахча дара оьшучул дуккха а дукха. Ткъа некъо шапсугаш дакъазбохур бу, лохкур бу уьш шайн ярташкара», - дийцира Негуча «Кавказ.Реалиига».

Стенна ца дина некъах дерг шапсугашца дийцаре? Оцу хаттарца долийра «Кавказ.Реалиица» шен къамел ГIебарта-Балкхаройчоьнан парламентан депутат лаьттинчу Тумов Мухьамеддина.

"Сагатдойту, вас йойту Оьрсийчоьно, бIе шо сов хан яьлча а (Кавказан тIом бирзина – ред.) адыгаш Къилбаседа Кавказан автохтонан халкъ хиларх даре ца деш. Стенна до Оьрсийчоьно дерриг а адыгашна дуьхьал? Шеко а йоцуш ду кхераме шапсугашна и некъ шайн ярташкахула биллар. Церан ярташ а йохош, бахархой гIаланашкахь санна долчу тIекIелдинчу цIеношка дIасабохур бу Iедало», - леткъа Тумов.

Кестта Iорайоккхур ю шапсугийн ярташкахула чекхболучу аьчка некъан проект, элира Краснодар-мехкан "Адыгэ Хасэн" куьйгалхочо Сохт Аскера. «ТIаккха хуур ду, муха, муьлхачу меттигашкахула дIабуьгур бу и некъ. Цкъачунна хууш дац цунах дерг», - билгалдаьккхира юкъархочо.

Сохта дийцарехь, итт эзар шапсуг веха Сочина чуйогIучу Туапсен а, Лазаревскийн а кIошташкахь, цундела цуьнан шеко яц некъо церан хIусамаш хьайийриг хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG