"Политикан репрессешна дуьхьал бу наной" цIе йолчу боламо Москварчу мэрига дехар дина, политикан тутмакхийн агIо лоцуш кху бетан 25-чохь урамехула дуьйладелла чекхдовла, шайна бакъо ло аьлла. "Новая газетане" хаамбина цунах, акци вовшахтоха гIертачара.
Тутмакхийн конституцин бакъонаш Iалашъяр, политикан бух тIехь лаьцнарш маьршабахар, политикан репрессеш лелор сацор а тIедожон Iалашонца акци дIаяхьа лерина бу жигархой.
"Iедалца ма-хуьллу диалоге довла гIерта" шаьш аьлла, билгалдаьккхина боламан декъашхоша.
Масийттазза президенте а бевлира уьш, дукхазза цхьааллин пикеташ дIаяьхьира, мацалла кхайкхийра, хIетте а ца хеза уьш.