ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIера дIасавалар а доьхкуш, лаьцначуьра дIахецна Харьковн кхело Илаев (+видео)


Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIавоьху Нохчийчуьра вахархо Илаев Амхьад маьршаваьккхина Харьковерчу Октябрскан кIоштан кхело Оьрсийчу экстрадици ян Iалашонца лаьцначуьра. "Кавказ.Реалии" редакцин доларчу документан копи тIехь бовза йиш ю кхелахойн сацам.

Украинани парламентан 8 депутато а, адвоката Ангелин Ивана а чуделлачу дехарна жоп делла кхело. ТIейогIучу хенахь сарахь 8 сахьт даьлча Iуьйранна бархI даллалц ша вехачу хIусамера дIасавалар дихкина цунна. Билгалдоккху, Украинерчу миграцин хьукмато тховкIело ца еллера мухIажирна.

Оьрсийчоьно Илаев бехке веш ву Нохчийчохь 5 стаг верна. Цуьнан адвокаташа чIагIдо и зулам деш иза республикехь ца хилла бохуш. Илаев а, цуьнан жимаха волу ваша а дIавахара Оьрсийчуьра шаьшшина гергара кхо стаг ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна дIа а вигина, вийначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG