ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шамсутдиновна тIехь ницкъбинарг Iораваьккхина талламчаша


Забайкальерчу салтичо Шамсутдинов Рамила бархI эскархо вийначу тIеман декъехь уставца догIуш доцург лелийна аьлла, шеконаш тIеэгначуьнан цIе яьккхина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. "Ведомости" газетан хаттарна жоп а луш, комитето дIахьедина Мухатов Рустамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина шаьш аьлла.

Байначу беттан 17-чохь URA.RU портало хааме даьккхира, кIентан деца къамел хиллачул тIаьхьа, Шамсутдинов "дедовщина" аьлла, луьстучу гIуллакхехь зен хилларг ву аьлла, сацамбарх. Шайна тIехь Iазапаш леладора аьлла, кхин а веа салтичо дередина.

Маршо Радионо яздира, Шамсутдинов Рамила кехат яздина ша латточу талламан изоляторчуьра аьлла. «Спасти рядового Рамиля Шамсутдинова» аьллачу тобано "ВКонтактехь" зорбане даьккхина цуьнан кехатан сурт.

Шегахьа мел хиллачунна баркалла боху Рамила, къаьсттина шен дена. Ша дохковаьлла боху цо "собар ца тоьана, ца ваьлларг далийтарна". Рамила бахарехь, кхин дан хIума дацара цуьнан, хIунда аьлча, ницкъ бацара бала хьега.

Ишта байинчийн гергарчаьрга яздо цо: "Шуна бохам хиларна халахета суна, шайн ницкъ кхачахь, гечделаш суна". Эскархочун гIуллакх дан лууш вара ша боху Рамиля, хIинца бен кхеташ вац, ша нахана беанчу сингаттамах а, шен дахар кагдарх а.

Карладоккху, ГIадужу- беттан 25-чохь Забайкальерчу тIеман декъехь 20 шо долчу салтичо Шамсутдинов Рамила 8 стаг вийра, шинна чевнаш йинера. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина, лаьцна латтош ву Шамсутдинов Рамиль.

Цо дийцарехь, байинчарна юкъахь волчу цхьана лейтенанто даима а хьийзош хилла эскархой – наб ца йойтуш, саццаза устав доьшуьйтуш, шегара даьллачун дарлой иза салташна тIехь дIадоькъуш. Ишта Рамиля дIахьедо, шена тIехь а ницкъбора цара, юкъаметтигаш ийгIина яра шайн, ша хьийзор ву аьлла, кхерамаш тийсинера шена аьлла.

Mash Телеграм-канало яздора, цкъачунна бинчу талламо тIечIагIдина адамаш дайинчу тIеман декъехь эскархошна юкъахь уставца догIуш доцу хIуманаш лелош хилла аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG