ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байначу баттахь Соьлжа-гIалахь вайна шен кIант цIавеана аьлла, орца дехначу нанас


Байначу беттан 26-чохь Соьлжа-гIалахь вайна шен 36 шо долу кIант Хамурзаев Шамхан цIавеана аьлла, хаамбина цуьнан нанас Тоитас. "Кавказский узел" агенталло яздарехь, шен вайна кIант Старопромыслан кIоштарчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь карийна аьлла, хьалхо дина дIахьедар а юхаэцна нанас.

"Шен накъосташца цхьанхьа садоIуш хилла иза. Ницкъахойн карахь вара сан кIант аьлла, и информаци стенгара яьллера хууш яц со. Коьртаниг- сан кIант могуш-маьрша, шен цIахь ву. Сагатдарна Дела реза хуьлийла шуна", - аьлла нанас.

Муьлхарчу дийнахь цIа веана шен кIант ца дийцина Тоитас, кхин тIех даьккхина къамел а ца дина цо.

Карарчу беттан 7-чохь Ватсапан мессенджерехула орца дехнера Хамурзаев Шамханан нанас Тоитас, байначу беттан 26-чу дийнахь дуьйна кIантера кост ца кхочу шега, мехкан куьйгалхочуьнга дIакхачахьара шен аудио аьлла.

Нанас дуьйцура, шен кIант Шамхан, кхаа беран да, байначу бетан 26-чу суьйранна араваьллачул тIаьхьа юха ца веана бохуш. "Хьан вигина, хIунда вигина, стенга вигина хууш дац. Тхоьга цунах жоп луш стаг а вац", - бохуш, дIахьедора нанас.

Шен кIант ламазца, мархица а вара, гIуллакх доцчу гIертар волуш а вацара, хьанал сом доккхуш вара бохуш, дуьйцура Тоитас.

"Кавказский узел" агенталлан корреспондент зIене ваьлча, нанас хаамбира, шен кIант волу меттиг билгалъяьлла, иза гар а хилла шайн аьлла. Кадыров Ахьмадан полкан декъехь латтош ву иза аьллера цо. Керлачу шеран мукъаденош чекхдевллачул тIаьхьа цхьацца хеттарш а дина, цунах йист йоккхур ю аьлла шайга бохура хIетахь нанас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG