Канадин премьер-министра Трюдо Джастина ГIажарийчоь бехкейина кхаарийдийнахь Тегеранна гергахь Украинан Боинг ракета тоьхна чудожорна. «Кема гIажаройн ракето дохийна хиларх лаьцна дуккха а хьосташкара тоьшаллаш ду тхоьгахь. Тарло иза гIалатбевлла дина хила а», - дIахьедина Трюдос.
Шен махкара 63 стаг а леш, хилла бохам кIоргга талла беза, аьлла Канадин куьйгалхочо.
Трюдона тIаьххье дIахьедина изза Британин премьер-министра Джонсон Бориса а. «Массийтта агIонера кхаьчна информаци ю, кема гIажаройн «лаьтта-хIаваъ» ракетица чудаийтина хилар гойтуш. Ларамаза дина хила а мега иза», - аьлла Джонсона.
Тоьшаллаш
Хьалхо Американ Штаташкарчу хаамийн гIирсаша даржийра, Пентагонерчу хьосташна а, иштта Американ а, Иракъан а къайлахчу сервисийн информацина тIе а тевжаш, Тегеранна гергахь кхаарийдийнахь чудеана пассажирийн кема дохийнарш бу кеманашна дуьхьалоен гIажаройн ницкъаш, аьлла.
Си-би-эс телекомпанино, америкахойн иччархошкара кхаьчна тоьшаллаш а далош, боху, радараша лаьцна кхоьссинчу шина ракетин лар, царна тIаьххье хааелла эккхаран серло.
Рейтерца къамел хиллачу Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедалан векало довзийтина ша декъахь волчу гоно дина жамI: тешна а, кема чудожийнарг гIажаройн стигал ларъечу дакъойн ракета ю. Цо бахарехь, гIажаройн радар хилла Украинера кема тергалдеш.
Пентагонан векалийн дешнаш даладо Newsweek-о. Боинг 737-800 чудаийтина Оьрсийчохь йинчу "Тор" ракетица.
Хьалхо президента Трамп Доналда элира, ша ца теша кема шен бехканна доьхна бохучух. «Кхечу агIонера цхьа гIалат даьллачух тера хета суна», - элира цо еарийдийнахь.
Цхьа а логика а йоцуш, хаамийн гIирсаша даржийна эладита ду гIажаройн ракета хьехор, аьлла ГIажарийчоьнан бахамаллин авиацин куьйгалхочо Абеджадех Iелас.
«Iилманца зийча, дохадойла ракето Украинан кема, цхьа а маьIна дац эладитанийн», - аьлла цо, ISNA агенталло бахарехь.
Украино дахначу деношкахь дIахьедира, ша толлуш ю кема ракето чудаийтина бохург, амма иза бакъ ца до ГIажарийчоьно, аьлла.
Пассажираш эцна Тегеранехь стигала даьлла Украинан кема доьхна ГIажарийчоьно Иракъерчу шина тIеман базина ракеташ йиттина масех сахьт даьлча.
176 стаг чохь волу «Украинан дуьненаюкъарчу авианекъийн» Боинг Тегеранан стигалахь доьхна чудеара кхаарийдийнахь. Дийна ца висина цхьа а. Пассажирех дукхахберш бара ГIажарийчуьра а, Канадера а, украинахойх велла 11 стаг (ши пассажир а, экипаж а). Уьш боцурш, бу беллачаралахь Швецин а, Афганистанан а, Германин а, Британин а бахархой.
ГIажарийчоьнанний, Цхьаьнатоьхначу Штатийнний юкъаметтигаш шагйира Иракъехь америкахоша гIажаройн инарла веро а, Тегеран Иракъерчу цхьацца меттигашна тIелатаро а. Оцу юкъанна ду, дохале кемано шегара хьал гойтуш хилла «Iаьржа батташ» я Boeing компанига а, я америкахошка а Тегеран дIаяла реза цахилар.
Дуьненаюкъарчу низаме диллича, ГIажарийчоьнан бакъо ю таллам ша цхьамма дIабахьа, делахь а, кема доьхча, иза дина йолу компани юкъаузу пачхьалкхаша дукха хьолехь.