ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балхара дIабаьхна Лубянкехь герз детташ видео яьккхина ФСБ-н белхахой - зорбанан гIирсаш


Москва, Любянка, 2019 шо, ГIуран-беттан 19-гIа.
Москва, Любянка, 2019 шо, ГIуран-беттан 19-гIа.

Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервсан куьйгалло балхара дIабаьхна стохка ГIуран-баттахь Лубянка майданахь шайн гIишлонна тIелатар дича герз деттар мобилан телефонашца дIаяздина болу ФСБ-н белхахой. Цунах лаьцна хаам бо зорбан гIирсаша, шайн хьасташна тIе а тевжаш.

Иштта ФСБ-н гергарчу РБК-н хьастано дийцарехь, индустрин сферехь коррупцица къийсам латточу "П" олучу декъера дIаваьккхина 16 стаг.

Шен агIор Znak.com зорбан гIирсо хаам бо, балхара дIаваьккхинарг 5 стаг ву бохуш. Цо дийцарехь, уьш "цхьа муьлш бу а ца хуу майораш бац, лаккхара даржашкара нах бу".

ФСБ-н могIаршкара дIабаьхна видео а йоккхуш иза WhatsApp-хула дIасакхехьийтинарш а, зорбан гIирсашна иза яхьийтинарш а.

РБК-но дехар дина Оьрсийчоьнан ФСБ-н юкъараллица уьйраш латточу центре цу хьокъехь хаам бахьара аьлла. Znak.com сайто яздо цу хаамах лаьцна официалан комментари эца аьтто ца баьлла шен бохуш.

Москвахь ФСБ-н гIишлонна хьалха герзаш диттира ГIура-беттан 19-чу сарахь. ФСБ-н цхьа белхахо вийра, кхин а виъ чевнаш хилла вара. Царах цхьаъ велира госпиталехь. Чов хилла вара ларамаза цу меттехь нисвелла маьрша вахархо а. ТIелатардинарг вийра.

Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийнера ницкъаллин структурийн белхахошна тIелетар дарна, герз диттинчуьнан цIе а йоккхуш. Иза вара 39 шо долу Подольск гIалара Манюров Евгений. Цуьнан петарехь таллам бича карйинера тайп-тайпана герз.

Цо и зулам даран бахьана цкъачунна къастийна дац. Кремлехь элира ФСБ-н белхахошна Манюровс герз деттар "хьеравалар" гучудалар дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG