ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн синбахамаллин министр: "Неханиг ца оьшу, вешаниг дIа а лур яц"


Нохчийн фольклор а, историн турпалхой а шайна дIаберзо гIерташ масалш хаалахь, царех лаьцна материал шега схьакхачае аьлла, Соьлжа-гIаларчу халкъан кхоллараллин Центран директорна Даудов Рамзанна а, доьшийлийн декъан хьаькамна Цуруев Шарипна а тIедиллина мехкан културан министро Дааев Хож-Бауддис.

"Эзарнашкахь шерашкахь лаьттинчу исторех йозу нохчийн фольклор Iаламат юьзна ю. Халкъан иллеш, назманаш, легендаш, дийцарш, туьйранаш, балладаш, забарш, ишта кхи дIа а. Къаьсттина мехал ю вайна "халкъан" аьлла, билгалъяьхнарш. Бакъду, кху заманахь кест-кеста го вайна кеп-кепарчу кхечу къаьмнийн векалша нохчийн къоман, културан хIума шайн ду бохуш, дIаийзош. Вайн хIума Iалашдар, цунна тIехIоттар – вайн декхар ду. Хьежа а хьоьжуш, "хIуммаъ дацара иза-м" бохуш, даим Iойла дац. Неханиг ца оьшу, вешаниг дIа а лур яц", - яздина Дааевс Инстаграмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG