ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан кема шайн тIемалоша дохийна аьлла, дIахьедина ГIажарийчоьно


Кху беттан 8-чохь шайн тIемалоша ларамза дохийна украинхойн кема аьлла, дIахьедина ГIажарийчоьно. 176 стаг вуьйш, хилла бохам эскархошкара даьлла гIалат ду аьлла билгалдаьккхина динчу дIахьедарехь. Шоьтан Iуьйранна пачхьалкхан телевизионехула инарла штабо бинчу кхайкхамехь боху, Исламан революцин гIаролхойн Корпусан (КСИР)"къайлахчу тIеман центре" дIадирзича, мостагIийн кема тарделла хиллера аьлла. Iамеркаца юкъаметтигаш телхина хиларна тIемалой кийчча хилла тIелата аьлла ду дIахьедарехь. Трагедина бехкеболчарна таIзар дийр ду аьлла Тегерано.

КъинтIера довлар доьхуш, вистхилла иштта пачхьалкхан президент Рухьани Хьасан а, арахьарчу гIуллакхийн министр Зариф Мохьаммад Джавад а. "Тхуна халахетта, оха гечдар доьху, кадам а бо тхайн нахах а, мел беллачийн гергарчаьрга а, массо а пачхьалкхашка а",- аьлла министро.

Оцу юкъанна гIажаройн хьаькамо хиллачух жоьпалла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штататшна тIехь а дуьту.

"ДегаIовжаме де,- яздина Зарифа Твиттерехь. - Чохь бинчу талламан жамIаш: Iамеркан авантюризм бахьана долуш нах бойуш даьлла гIалат ду".

Аэропортна гергарчу тIеман базера "земля-воздух" ракета тоьхна, дохийна кема аьлла, Малхбузен пачхьалкхаша официалехь дIакхайкхийначул тIаьхьа дина Тегерано шайн дIахьедар. Малхбузерчу пачхьалкхаша керла экономикан санкцеш ехира гIажаройн бархI лаккхарчу даржхочунна а, яккхийчу компанешна а дуьхьал.
Хьалхо ГIажарийчоьно чIагIдора, кеманца техникан кхачамбацар нисделла, чудеана кема бохуш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG