ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелковск кIоштахь керла школа схьайиллина


Нохчийчуьрчу Шелковск кIоштахь 720 дешархочунна меттиг кхачош школа схьайиллина аьлла, яздо ТАСС агенталло. "Образование" аьллачу къоман проектан гурашкахь йина ю гIишло.

"Кхузаманан гIирсаш а, хьелаш а хIиттош, тоъал хьехархой вовшахтоьхна, кийча ю школа. КIоштарчу кхаа школехь гаттонехь доьшура бераша, и проблема дIаер ю хIинца", - аьлла дешаран министро Байханов Исмаила.

ТАСС агенталле министралло хаамбарехь, регионерчу 80 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. Карарчу шарахь а 11 школа йина ялийта лерина ду шаьш аьлла дешаран урхаллехь.

XS
SM
MD
LG