ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн 17 шо долу кIант "Динамон" клубе эцна


Москварчу "Динамо" футболан тобано контрактна куьйгяздина нохчийн 17 шо долчу Нохчийчуьрчу Мицаев Расулца. "Динамон" футболан матчашкахь кевнехь лаьттар волуш ву Мицаев. Хьалхо Соьлжа-гIаларчу кегийрхойн "Ахмат" клубехь хилла ву иза. Кхиамца клубан кастингех чекхваьлла кевнахо хIинцале а тобанах дIа а кхетта, Туркойчохь кечамаш беш ву кхечу ловзархошца цхьана. ТIейогIучу заманчохь лоьмар 95 йолу спортхо ган таро хир ю "Динамон" футболан матчашкахь.

"Чечня Сегодня" агенталлаца хиллачу къамелехь Мицаевс дIахьедина, мел оьшу хьелаш ду клубехь ловза, шен аьтто баьлла воккхавийна а ца волу ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG