ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

50 шарахь паччахьаллехь лаьттина Оманан Султан кхелхина


Оманан Султан, 79 шо долу ал СаIид Кабус бен СаIид кхелхина. Дикка хан яра иза цомгуш волу, яздо Reuters агенталло, паччахьа шен метта верас цавитар билгалдоккхуш. Маскатан шахьаран урамашка бронетехника ю озийна, дуьйцу гинчара. Цуьнан метта паччахь харжа гуллуш бу тIеман буьйранчаш. Веллачун шича, културан министр лаьттина ал СаIид Хайтем бен Тарикъ хьалхатеттина цIеххьашха вовшахтоьхначу кхеташонехь.

Оманан урхаллехь бара ал СаIида цIийнах болу нах 1746-чу шарера схьа дуьйна. Персийн карара мохк баьккхинчул тIаьхьа султанат вовшахтоьхнера.

СаIид Кабус урхаллехь вара 1970-чу шарахь дуьйна.

Ал СаIид Хайтем бен Тарикъан 65 шо ду. Оксфордехь а, Кембриджехь а дешна ву иза. Оманан футболан ассоциацин хьалхара президент лаьттина а ву иза.

XS
SM
MD
LG