ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна а, Песковна а тIехь "кхел йина" Ямадаев лаьцна


Ямадаев Карим
Ямадаев Карим

Терроризме кхайкхамаш бина аьлла, меттигера оппозиционер Ямадаев Карим лаьцна Набережные Челны гIалахь, хаамбо "Интерфакс" агенталло. Иза лаца бахьана хIоьттина, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна а, цуьнан пресс-секретарна Песков Дмитрийна а, "Роснефть" компанин куьйгалхочунна Сечин Игорна а тIехь кхел еш, кечйина видео ютьюбехь яржийча.

Хьалхо полицехь болх бинчу жигархочо кхелахочун рол ловзош, дIадоьшу адамашна дуьхьал лелийна зуламаш бахьана долуш дина вердикт. Песков а, Сечин а вен кхайкхаво, ткъа Путинан хьокъехь сацам Iора ца боккху.

Веб-серилан хьалхара сери ю хIара, авторийн Iалашо яц ницкъбарна пропаганда ян аьлла, дIахьедо видеон юьххьехь. 2022-чу шарахь дIабоьлху хIара хиламаш боху видеох лаьцна яздечохь.

Текстаца пайдаэцна комиксех а, Сталлоне Сильвестра рол ловзочу "Судья Дредд" филмех а. Цу чохь кхелахоша кхийкха а деш, кхочушдо стаг вуьйш вердикташ. Ямадаевн видео тIехула бехкзуламан гIуллакх долийра хьалхо, Iедалан векал сийсазвина аьлла.

Гурахь а лецира оппозиционер Ямадаев Набережные Челны гIаларчу Талламан комитета хьалха президентна Путинна чурт хIотторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG