ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прокуратуре арздина Носаевна Волгоградан депутато


Носаев Мохьаммад
Носаев Мохьаммад

Нохчийн блогерна Носаев Моххьамадна прокуратуре арздина Волгоградан кIоштан думан депутато Осипов Александра. Кху беттан 6-чохь майданахь 200 эзар сом кхоьсинера цо Инстаграмерчу шен агIоне язбеллаачу волгоградхошна.

Фейсбукерчу шен пена тIехь яздина Осиповс, "бинчу талламо дерриг а шен метта дIанисдийр ду аьлла тешна ву со" аьлла.

Социалан машанашкахь Альфредо Аудиторе аьлла, вевзачу блогеро "Мармелад" олучу центран хьалха гулбеллачу меттигерчу бахархошна юкха ахча кхоьсинера. Росгвардин белхахой а хиллера оцу акцин терго еш, лаьтташ. ШолгIачу дийнахь хаамбира, къепе йохийна меттиг бац акцехь, полицига бина латкъам а бац аьлла.

КIентан дас, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгорадан кIоштарчу векалан гIовса Носаев Тамерлана шен кIантера даьлларг хIуммаъ зене дацара, дезачу деношкахь совгIаташ эца таро хилийта, ахчанаш дIасакхийсинера цо аьллера "Новости" агенталле.

КIоштан думан депутато Осипов Александра кхайкхамбина ницкъаллийн структурашка, нохчийн блогеро Носаев Мухьаммада Волгоградехь нахана юкъа ахча тасарна тIе терго яхийта аьлла.

"Социалан машанашкахь шена бонусаш яхар - иза цуьнан бизнес ю. Делахь а, оцу бизнесо тохар дина вайн къоман доьналлина а, Оьрсийчоьнан къоьман дозаллина а. Ас дуьйцурш дуккха а къаьмнаш ду, хIунда аьлча, цу кепара негативе акцеш могуьйтуш яц. Ницкъаллийн структурех доьзна ду- административан я бехкзуламан гIуллакх цунна дуьхьал доккхур ду я дац боху хаттар", - аьлла депутато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG