ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дохийначу "Боингех" харцдерг дийцарна гIажароша бехкбаьккхина куьйгаллера


Шоьтадийнахь Тегеранехь протестхойн акци дIаяьхьна пачхьалкхан урхаллана дуьхьал. Reuters агенталло бина цунах лаьцна хаам, меттигерчу Fars хьостан хаамашна тIе а тевжина.

Цхьа наггахь бен арабовлуш бац гIажарой Iедална дуьхьал. Украинан пассажирийн кема шайн исламан революцин гIаролхойн Корпусо дохийна аьлла, Iедалхоша дIахьедар динчул тIаьхьа протесте бевллера бахархой.

Юхьанца чIагIдора гIажаройн куьйгалло, кема доьхна хилла, мотор чохь цIе а яьлла бохуш.

Инарлан Сулеймани Касема суьрташ этIадора гулбеллачара бохуш, яздора Fars агенталло.

«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Касем вийра карарчу беттан 3-чу дийнахь, БагIдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь. Пентагоно а ца лечкъадо тIеман бараман да ша хилар - президентан Трампан омрица дIабаьхьина иза, аьлла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн векало.

Сулейманин сурт тIехь долчу баннеран а, йоьдучу акцин а суьрташ зорбане даьхна Fars агенталло. Демонстрацехь дакъалоцуш хилла 700 тIера эзаре кхаччалц бахархой. Iамеркан президент Трамп Доналд вистхилла протестхошка шен Твиттерерчу агIон тIехь фарсин маттахь:

"Майрачу, дуккха а халонаш лайначу гIажаройн къоме: со президент хIоьттичхьана шуьгахьа вара со, тхо даим а хир ду шуна тIехIоьтттина. Шун протесташна тIехь терго латтайо оха. Шун майралло дог ир-карахIоттадо тхан", -аьлла, яздина президенто.

Бакъонехьа йолчу жигархойн хаамийн(HRANA) агенталло видео яржийра, бIаьргаш Iовжон газ а хецна, полисхоша гIажарой дIасалоьхкуш яьккхина.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG