ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсерчу жимчу стага полицига шена гечдар дехна (+видео)


Инстаграме яьккхинчу видеотIерчу Гуьмса кIоштарчу жимчу стага Алмаскаев Хизира шена къинтIера баьхна Нохчийчуьра полисхой. "ЧП/Чечня" инстаграм-паблико шен пена тIехь зорбане яьккхина Алмаскаевс дIаязйина видео.

Камера хьалха хIоьттинчу кIанта ша Гуьмса кIоштарчу Ойсхарара ву боху.
"Эвтарахь некъан полисхойн машен тIех йолучу заманчохь, "Дала йойла шун кхел", аьлла, айса дIаязйина видео тхайн группи чу кхоьсинера ас. Ледара хIума ду соьгара даьлларг, боьршачу стагехь товшдоцу. Массаьрга а сайна къинтIера довлар доьху ас", -аьлла жимчу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG