ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь лецна Окуева Амина йийнарш


Окуева Амина

Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена дIахьедина, "киллерийн тоба" лаьцна шаьш, масийтта стаг верна бехке хиларна шеко йолуш. Министро бинчу хаамца, цу тобан юкъахь бу нохчийн тIемало хилла Окуева Амина йийнарш а.

Окуева кхелхира 2017-чу шарахь ГIадужу-беттан 30-хь Киеван кIоштахь. Иза а, цуьнан хIусамда Осмаев Адам а чохь волчу машенна герзаш диттира муьлш бу ца хуучу наха. Осмаевна чевнаш йира, Окуева – кхелхира.

Осмаев Оьрсийчохь бехке веш вара президент Путин Владимир вен Iалашо хиларна.

Украинин полисхоша лецначу нехан цIераш цкъачунна йовзуьйтуш яц.

XS
SM
MD
LG