Нохчийн совдегархочо Байсаров Руслана кхозлагIа зуда ялийна. Иза ю 18 шо долу Аламат цIе йолу Нохчийчуьра яхархо, хаам бо Ura.ru сайто.
Зорбан гIирсаша яздарехь, ловзар хилла ГIуран-беттан 30-хь. Цара чIагIдо Байсаровс ялийнарг шолгIа нохчо хилар, ткъа хьалхарчуьнца иза дIасакъаьстина хиларх лаьцна хаам бац.
Оьрсийчохь уггар хьал долчу совдегархойх цхьаъ ву Байсаров. 2018-чу шарахь Forbes журнало яздора цуьнан бахам 900 миллион доллар барамехь хиларх лаьцна.
«Дни.ру» сайто бинчу хаамца, Байсаровн ГК СК «МОСТ» компани дакъалоцуш ю БАМ-ана (Байкало-Амурская магистраль) модернизаци ярехь.