ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дIоггара ца хьовсу Оьрсийчохь хазахеташ тIеоьцучу киношка


Нохчийчуьрчу культуран министраллан кинематографин урхаллан куьйгалхочо Зурбеков Зелимхана дийцарехь, Оьрсийчохь дуккха хьовсархой боьлху киношка дIоггара ца хьовса республкера бахархой. Цо бинчу хаамца, нохчашна хазахета кхераме хӀуманаш (гӀуллакхаш) лелорах лаьцна йолу фильмаш а, ткъа иштта комедеш а.

Цу кепара Шипенко Клима яьккхина "Холоп" комеди юкъахь ю Нохчийчохь уггар дукха ахча гулдинчу киношна. Цуьнца цхьана "Т-34" цIе йолу тIамах лаьцна кинога дIоггара ца хьаьжна нохчий, Оьрсийчохь цо, "Холоп" фильмо санна, 2 миллиард сов сом гулдинехь а. "Т-34" юкъа ца яхна ур-аттала Нохчийчуьра бахархой уггар дукха хьаьжначу 20 фильмана а.

Цул сов, Нохчийчохь хазахета нохчаша яьхна кинош. Иштта Юшаев Анзора яьккхина "Штурм" гойтуш юьзна хилла республикера кинотеатарш. Цу фильмехь гойтуш ду Соьлж-ГIалана штурм еш хилла тIеман къемат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG