Берлинан инарлин прокуратуро бинчу хаамца, Германерчу маситта гIалахь "нохчийн исламистийн" цIийнех хьажар дIахьош ду полицино уьш теракт ян кечлуш хилла аьлла шеко йолуш. И дIахьедар арахецна прокуратуро твиттерехь йолчу шен официалан агIонехь.
Цу тIехь аьлла ду, "пачхьалкхана дуьхьал вуно луьра акт ярна" шеконехь бу "исламистийн гонашкара" Нохчийчуьра схьабевлла нах, аьлла.
Инарлин прокуратуро иштта хаам бина, талламаш дIахьош хиларх лаьцна Берлинехь а, Бранденбургехь а, Тюринги а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а регионашкахь а.
Немцойн Bild зорбан гIирсо бинчу хаамца, хIинцале а лаьцна лаххара 4 стаг. И нах тIаьхьарчу хенахь шайн тергонехь латтош хилла немцойн лерринчу сервисаша.