ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирсе "Къажар"


Гафурова Марият

Берашна маьхза операцеш ян баьхкина лоьраш-волонтёраш

ХIинжа-ГIалахь болх бийр бу кху беттан 12-16-чу деношкахь массех махкара веанчу берийн лоьро – «Къажар» операци" шех олучу, берашна маьзха дарбан акцеш дIахьош йолчу юкъаралло. Пациенташлахь ду 20 сов цIаро дагийна бер.

Шо хьалха баьхкинера и лоьраш Кавказе. ХIетахь церан акци яра деш дуьйна челакх долчу берашна лерина. Массанхьачул дукха ду ишта бераш Дагестанехь. Цуьнан бахьана дузу сов дукха доьзалш вовшашна гергара болчу нахах кхоллалуш хиларца.

«Сан декхар ду нах ирсе бан»

«Къажар» операци» боламера лоьраш Кавказе лела ши шо ду, церан куьйгалхочо Войцеховский Игора бахарехь.Ткъа ша и сагIадеш йолу дуьненан юкъаралла кхоллаелла ду 35 шо, Оьрсийчуьра лоьраш кхетта цунах 25 шо хьалха. 60 ю юкъараллерчу волонтераша маьхза болхбен пачхьалкх.

Лор Войцеховский Игорь
Лор Войцеховский Игорь

ХIинца ХIинжа-ГIала баьхкинчу лоьрашца ву Британин эскаршкара пластикан хирург Паинда Анкур а. 2003-2004-чу шерашкахь Иракъехь тIом бина цо. Цигара цIавирзича цуьнца гучуяьлла рак. Химиотерапиях чекхваьлла, товелла иза – оцу муьрехь кхетта ша «нах ирсе бан декхаре вуйла».

10 шо даьлла Паинда волонтер волу, масситазза хилла иза БуьритIехь а, Соьлжа-ГIалахь а.

Британера лор Паинда Анкур
Британера лор Паинда Анкур

Цо бахарехь, вагийначу стагана юьхьанца оьшу гIо кхоччуш дика до Кавказерчу лоьраша, амма «проблемаш ю хенан йохалла дарба дарца».

Гергарчара шаьшлахь доьзалш кхолларца а, тIемаша а дина зенаш

Нохчийчуьра пластикан лор Баиев Хьасан виллина ву волонтерашца, маьхза къахьоьгуш. Цо дийцарехь, вуно дукха бу «Къажар» операцин» пациенташлахь дагестанхой. Цхьаъ делахь, 3 миллион адам деха Дагестанехь, шиъ делахь, «гергарчара вовшашлахь дечу маренаша-ялораша кхоьллина аномали а ю кхузахь». Деш дуьйна даьттIа балда долуш, чIениг нийса йоцуш дукха бераш ду.

"Ас айса БуьритIехь акци дIахьош, 27 бер кхайкхинера Дагестанера сайна тIе дарбанна. Амма 7-8 бен ца далийра – бисинчеран ахча ца хилира Дагестанера ХIирийчу автобусан билет эца а», - дегалазамца дийцира «Кавказ.Реалиига» Баиевс. Цундела волонтераша уггаре хьалха тидаме оьцу таройоцчу доьзалшкара бераш, бобераш, элира цо.

2019 шо доьрззуш ХIинжа-ГIалахь, Берийн клиникехь операцеш йира Баиевс а, цуьнан накъосташа а – 40 беранна. Лоьран хьехарш дира 120 цомгушчарна. Оцу хенахь дIакъастийра цо тахана шен тобано операцеш еш долу бераш.

Делахь а дуккха бу ХIинжа-ГIала лоьрашка гIодоьхуш кхаьчнарш, Къилбаседа Кавказера хьовха – ГIиргIазойчуьра а тIехь. Интернетехула даьржа «Къажаро» стенгахь акцеш йолош ю, цига дIахьаьлха шайн берашна дарба лоьху дай, наной.

Баиев Хьасана дийцарехь, кхин бух бу, масала, Нохчийчохь цуьнгара гIо оьшучу берашкарчу цамгарийн – тIеман тIаьхьало. «Кхеташ ду, психика ю телхина. Психика могуш йоцчу наха дуьнентIе доху бераш дукха ду Нохчийчохь. Ткъа кхузахь – вовшийн гергара болчу наха генетика талхорца кхуллу цамгарш. Экологи а ю боьха, оцо а бо могашаллина Iаткъам», - боху гоьваьллачу лоьро.

Войцеховскийс а тIечIагIдира нохчийн лоьро бохург: балда даьтта, багара стигал йоьхна бераш массанхьачул а дукха до Кавказехь а, Юккъерчу Азин республикашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG