ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Видео: Украинин кема чудаийтина ши ракета тоьхна


Гайтаман сурт

Кху беттан 8-чу Iуьйранна Тегеранан аэропортера гIаьттинчул тIаьхьа чудаийтинчу "Украинин дуьненаюкъара авианекъаш" кеманна тоьхна хилла 2 ракета. Иза гойтуш ю шинарин дийнахь социалан машанашкахь яьржина, терго ечу камеро яьккхина видео.

Иза бакъ хилар тIечIагIдина The New York Times газетан талламхоша. Цу видео тIехь гуш ду, юкъа ах минот а бен ца йолуш, кеманна тоха ши ракета хецар. Ши а тIекхетта.

Кема ца доьхна хIаваэхь, амма цIе а яьлла цунах, урхалла а доьхна цуьнан. Маситта минот яьлча иза охьадоьжна лаьтта. Кхелхина цу тIехь хилла 176 стаг.

Видео яьккхина Исламан революцин гIаролхойн базина уллехь йолчу эвлара цхьана гIишлонна тIехь хиллачу камеро.

XS
SM
MD
LG