ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Боинг" чудаийтарна геч дар дехаре кхойкху эскархой ГIажарийчоьнан президенто    


ГIажарийчоьнан президент Роухани Хьасан
ГIажарийчоьнан президент Роухани Хьасан

ГIажарийчоьнан президенто кхайкхам бина тIеман ницкъашка Украинин кема чудаийтарна шаьш бехке хилар шен хеннахь даре ца дарна геч дар деха аьлла. Роухани Хьасанан къамел гайтина пачхьалкхан телевизионо.

ГIажрийн президенто дийцарехь, лайнер хIаллакдарна жоьпаллехь болчу наха кхето деза, билггал хIун бахьана хилла и бохам хиларан.

Цо кхайкхам бина гIажарошка къоман цхьаалла ларъяре, авиакатастрофа хиллачул тIаьхьа дуьхьалонан акцеш йоьлхуш хиларна.

Украинин некъахойн кема чудаийтира ГIажарийчохь, ши ракета а тоьхна, кху беттан 8-чу Iуьйранна. Кхелхина цу тIехь хилла 176 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG