ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрашкара гIо оьшу дарба лелош ву Кадыров – Каримов


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан чекхволуш ву, медицинан процедураш лело оьшучу дарбанан курсах", - дIахьедар дина цуьнан зорбан секретаро Каримов Iаьлвис. Хьалхо хаам баьржира Кадыровс Дечкен-беттан 13-хь дуьйна ша могуш воцчу ханна шен декхарш кхочуш дар тIедиллина Iедалан куьйгалхочун Хучиев Муслимана аьлла.

И кехат гучудаьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун сайта тIехь. Билгалдоккхуш ду цо иза дина хилар, Нохчийн Республикан Конституцин 76-чу артикална тIе а тевжаш.

Стохка Гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан могашаллин министро Сулейманов Эльхана хаам бира, Кадыров сезонца доьзна шело хьакхалуш Iедал долуш ву аьлла. Цу кепара цо комментари йира Нохчийчоьнан куьйгалхо цомгуш ву аьлла социалан машанашкахь дийца даккхар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG