ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохка 120 тIемало а, церан гIоьнчаш а лецна Къилбаседа Кавказехь – Росгварди


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ницкъаллин структурийн белхахоша 2019-чу шарахь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь зуламаш дарна юкъахбаьхна иттаннаш тIемалой а, церан гIоьнчаш а, хаам бо "Интерфаксо".

"Дуккха а гӀоьнчаш а, низамца йоцчу герзаца лелачу тобанийн декъашхой а, 120 сов стаг, лецна", - дIахьедина Къилбаседа Кавказан тIеман гонан къоман гвардин эскарийн буьйранчо инарла-лейтенанто Гетманов Игора.

Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь лаьтташ долу оперативан хьал дика ду, амма цхьацца меттигаш ю гIоьртина хьал долуш. Цунна Iаткъам беш ду "хьал галдаккха гIертачу ницкъаша лелориг а, къаьмнийн юкъаметтигашца доьзна маситта хаттар хилар а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG