ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанал аравалар дихкина 16 эзар Нохчийчуьрчу вахархочунна


Декхарелахь хиларна Оьрсийчоьнан дозанал арабовлар дихкинчу Нохчийчуьрчу бахархойн терахь ду 16 эзар. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу суьдан пурстоьпийн урхаллан векло.

Арабовлар дихкинчарна юкъахь бу кредиташ шен хеннахь дIа ца делла а, ял яланза а, коммуналан декхарш тIехь долу а бахархой.

Шайн декхар дукха кIезиг хилар бахьана долуш Iедало дина дехкар тIех сов хета цхьаболчу бахархошна.

Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца делла, я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар.

Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG