ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс хастийна Оьрсийчоьнан Iедалан керла куьйгалхо хIоттош волу Мишустин


Президент Путин Владимир а (аьрру агIорхьара), Мишустин Михаил а
Президент Путин Владимир а (аьрру агIорхьара), Мишустин Михаил а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Iедалан куьйгалхо хIотто веза аьлла Мишустин Михаил хьалхататтарна, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Белхан юкъаметтигашкахула хиларал а сов, "Михаил Владимирович вуьшта а дика вевзаш ву" шена аьлла билгалдаьккхина Кадыровс.

Кадыровс дийцарехь, вас хила мегаш хазахь а, цхьаболчу хьалха хиллачу куьйгалхойн болх дIоггара дика бара ала хала ду. Iедалехь хьекъале а, кхетам а, кхане а йолу а, къона а, хьуьнаре а министрш гулбан беза, боху Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG