ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь петаршна рогIехь лаьтта нах баха ховшийна мэрино юкъарчу xӀyсамехь


Соьлж-ГIала, мэри
Соьлж-ГIала, мэри

Соьлж-ГIаларчу Маяковскийн городок урамерчу юкъарчу xӀyсамера (общежитие) арабохуш бу бахархой. Цунах лаьцна хаам бина 1989-чу шарахь дуьйна петар яларе сатуьйсуш рогIехь лаьттачу Габраилова Маккас, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу зудчо дийцарехь, лортIехь хIусам яларан метта цунна а, цуьнан лулахошна чоьнаш елла Новаторов урамерчу юкъарчу хIусамехь.

Соьлж-ГIалин мэрин белхахочо Хасимиков Алаудыс стохка ГIуран-баттахь кехат дайитина хилла цаьрга, хIинца шаьш деха чоьнаш маьрша яха аьлла. Бахьана ду уьш беха юкъара хIусам дIачIогIуш хилар. Болчу хаамца, дехьа бовлучу нахана гIо дина хIуманаш керлачу метте дIахьош.

Кху тIаьхьарчу шина шарахь шаьш деха меттиг жозлагIа хуьйцуш ду шаьш, бохуш латкъамаш бо зударша. 2018-чу шарахь уьш арабаьхнера Соьлж-ГIалан Черноречьехь йолчу юкъарчу хIусамера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG