ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Удугов: Тхоьгара немцойн полицино арсаш даьхна бохург бакъдоцург ду


Удугов Зелимха а (аьрру агIорхьара), Абдурахманов Тумсо а
Удугов Зелимха а (аьрру агIорхьара), Абдурахманов Тумсо а

Берлинехь Дечкен-беттан 14-хь "нохчийн исламисташ" лаьцна хиллачу пхеаннах цхьаммо Удугов Зелимхас харцдина немцойн, прокуратуро хаам барца, шайгара арсаш даьхна бохург, яздо Кавказ.Реалиино.

Блогерна Абдурахманов Тумсона еллачу видеоинтервьюхь цо дIахьедар дина, таллам бича нохчашкара телефонаш а, компьютерийн дискаш а, роутер а йоцург кхин дIаяьккхина хIумма яц аьлла.

МухIажиран статус а йолуш, Германехь веха Удугов ур-аттала полице а виггина а ца хилла.

Полицино бинчу хаамца, нохчий дIалецаран бахьана хилла стохка Гезгмашин-беттан 20-хь, тIехь синагога а йолуш, яьккхина видео. Иза буха а йиллина, немцойн ницкъаллин структураш, бехктакхаман гIуллакх а кхоьллина, кхаа баттахь сов тIаьхьаевлла лелла Удуговна а, цуьнан накъосташна а. Полицино лаьцна хилла 4 стаг цунна вевзаш ву. Уьш берш цхьана маьждиге лелаш бу Берлинехь.

Карарчу хенахь Удуговн адвокаташ латкъам кечбеш бу нохчий бух боцуш лецарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG