Европан адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнца боьзна "къайлаза бакъонца боцу" сацамаш тIеоьцу, дIахьедина президенто Путин Владимира. Цо дийцарехь, "цунна дукха хенахь дуьйна гуш ду цхьаболчера юьстахара Оьрсийчоьнна урхалла дан лаам хилар".
И дIахьедарш Путина дина пахьалкхан Конституцина тIехь хийцамаш кечбан кхоьллинчу белхан тобан декъашхошна хьалха вистхуьлуш.
Болчу хаамашца, Оьрсийчоьнна дуьхьал бинчу латкъамашна юкъахь доккхахадолу дакъа ду Къилбаседа Кавказехь, ша аьлча Нохчийчохь лар йоцуш адамаш дарца а, йина кхел а, таллам а боцуш нах байарца а доьзна.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!