ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шира бIаьвнашна зе дар толлур ду ГIалгIайчохь


ГIалгIайчохь йохийна бIов
ГIалгIайчохь йохийна бIов

Историн-архитектурин музейхь-йихкинчу меттигехь башха культуран эсаллаш йохорна бехктакхаман гIуллкх долийна ГIалгIайчохь.

Талламхойн версица а догIуш, стохка ГIуран-баттахь ЖIайрахан кIоштахь зе динера "Бейни" олучу бIаьвнийн комплексана а, ширачу "Утен-ГIалан" кертахь а, «Бэрер-ГIала» эсаллана а. Ширачу гIишлойн пенашна юкъара схьадаьхнера тIулгаш, историн эсаллийн куц а дохош. И зулам дина ши стаг гучуваьлла полицина. Уьш гIалгIай бу, хаам бо «Российская газето».

ГIалгIайчоьнан Iедало юьйцуш йолу архитектуран комплек лоруш ю республикан куьлтуран тӀаьхьало, яздо "МК" зорбан гIирсо.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, лаьмнашкахь тесна лаьттачу Бейни юьртара бIаьвнийн нартолаш (неIаршна тIехулара горга оганаш) схьа а йохуш, заманийн мехаллаш хIаллакъярна ши стаг лаьцнера ГIалгIайчоьнан полицино. И нартолаш Нохчийчу дIаяхьа дагахь хилла лецнарш,бохуш вара гIалгIайн тайпанийн кхеташонан куьйгалхочун гIовса Даскиев Мурад.

"ГIалгIайчоьнан ЖIайрахан-Iаьссин историн-архитектуран а, Iаламан а музейра петроглифаш а, гIалгIайн къоман васташ а тIехь долу нартолаш дIа а хьош, Нохчийчоьнна юхкуш лелла уьш. Цкъачунна суна ца лаьа церан цIерш яха, шиъ ву льацнарг», - боху Даскиевс.

Цо дийцарехь, гIалгIайн тайпанийн бахам бу хIаллакбинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG