ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга кхин а лакхара дарж кховдийна - зорбан гIирсаш


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Оьрсийчоьнан президентан юьззина бакъо йолу йолу векал хIотто мега Кадыров Рамзан керлачу Iедалехь. Цунах лаьцна яздо "Аргументы недели" зорбан гIирсо, Кремлерчу хьастана тIе а тевжаш. И хаам баржийна "Цензуры.нет" сайто.

Кремлерчу хьастано цуьнца дуза "тамашийна чулацам болу бахьана далийна Кадыров дIавахарна".

Хууш ма хиллара, цхьана ханна Нохчийчоьнан кьуйгалхо хIоттийна республикерчу Iедалан гIаьнтда Хучиев Муслим. "Аргументы недели" зорбан гIирсо ца дуьйцу Кадыровс тIеэцна я дIатеттина шега кховдийна дарж.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волчу Саралиев Шамсаила дIахьедар дина, Кадыровс "цамгаран кехат" эцна могашаллица йоьзна жима-тIама проблемаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG