ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин бахархой терахь 2019 шарахь алсамдаьлла 200 эзар стагана


Берлин, Бранденбурган кевнаш
Берлин, Бранденбурган кевнаш

Бахархой тIекхетаран болар Германехь 2012-чу шарахь дуьйна дуьстича уггар лахарчу тIегIантIе лахделла Германехь. Амма цуьнан бахархойн терахь алсамдолуш ду, хаам бина пIераскан дийнахь Германин Федеративан Республикан статистикан урхалло.

2019-гIа шо чекхдолуш ФРГ-хь вехаш хилла цкъа а ца хиллачу кепара дукха нах – 83,2 миллион стаг. И терахь 200 эзар стагана алсам ду 2018-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича.

Статистикан говзанчаша дийцарехь, мигранташ тIеоьхуш бацахьара Германин бахархойн терахь лахдала долалур дара 1972-чу шарахь дуьйна, хIора шарахь дуьненчу довлучу адамийн терахь кхелхачу нехан терахьал а лахара хилар бахьана долуш.

Изза хьал дисина тахана а: 2019 шарахь Германехь вина 770 - 790 эзар стаг, велла – 920-940 вахархо.

"Немцойн тулгIе зорбан гIирсо хаам барехь, 2018 шарахь Германехь ваха хиина 399 700 стаг. И терахь алсам ду дIабаханчу нехан терахьал а. Германин бахархой къанлуш хилар вуно йоккха проблема ю цу пачхьалкхехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG