ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мишустина грамота елла Кадыровна ша Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхо хIоттале


Мишустин Михаил
Мишустин Михаил

Оьрсийчоьнан федералан ял яккхаран сервисан куьйгалхо хиллачу, кху деношкахь Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхо хIоттийна волчу Мишустин Михаила сийлаллин грамота елла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочо Хучиевв Муслима, яздо Ura.ru хаамийн агенталло.

СовгIат Кадыровна делла республикехь ял яккхаран система кхиош гIо дарна а, цигахь иза кхоьллина 20 шо кхачарца а доьзна.

Оьрсийчоьнан Iедалан коьрте хIоьттина Мишустин кху беттан 16-хь. Нохчийн Республикана халчу хенашкахь гIортор ярна цул хьалха цу даржехь хиллачу Медведев Дмитрийна Кадыровс баркалла аьлла, цуьнца цхьана а кхетта, хаам бинера хьалха Ura.ru агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG