ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтерчу тешана вевзина десантхошна тIелатар дарна кхеле озийна ши нохчо


Нохчийчохь тIом барна, бехке а вина, валлалц хан тоьхна чувоьллина волчу бехкбиллархоша юкъаозийначу тешана Хубиев Тамбийна сурташна тIехь вевзина Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев Нажмудди а, Донашев ИбраьхIим а. Цо дIахьедар дина шена и шиъ гира Шуьйтан кIоштахь тIом боьдуш аьлла.

Хубиевс шена Дудиев а, Донашев а вевза аьлла шега цу хьокъехь талламхоша дехар дича, ткъа цунна гайтинарш хилла шира сурташ, яздо "Кавказский узело".

Шина нохчочун адвокаташа хаттарш дича Хубиевга дага ца деана шена и шиъ муьлхачу хьелашкахь гира а, шаьш хIун дийцира а.

"Бехкебийраш цIеххьана дага хIунда баьхкира, велла дIаваллалц хан а тоьхна, чувоьллина волчу хьуна", - аьлла шега Дидиевн адвокато Малюкова Ольгас хаттар дича, Хубиевс жоп делла, талламхочо и шиъ вовзахь кхелан сацам къадбеш хуьйцур бу аьлла дош делла шена аьлла.

Маршо Радионо хьалхо яздина ма хиллара, Нохчийчохь шолагIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехке веш ву Дудиев Нажмуддин а, Донашев ИбраьхIим а.

Дечкен-беттан 13-хь Къилбан гонан тIеман кхело дIадаьхьира Донашевн а, Дудиевн а гIуллакх къастор. Цу шина стагана бехке дуьллуш ду бандитизм лелор а, тIеман гIаттамехь дакъалацар а, Оьрсийчоьнан тIемангIуллаккхой байа гIортар а. Оцу дешнашца дуьйцуш Iедал ду Оьрсийчохь Нохчийн Республике тIамца чудаьхкинчу Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал нохчаша тIом бар.

Суьдан кхеташонехь видеозIенехула прокуроро левира нохчийн тIемалошкахьара тIом бина аьлла чувоьллина ву бохуш волу Малофеев цIе йолу стаг. Цо дийцира 2000-чу шарахь Чиллан-баттахь а, Зазан-баттахь а ша дакъалоцуш вара федералан ницкъийн а, тIемалой а тасадаларшкахь, бохуш. Цо чIагIдарехь Псковерчу десантхошна дуьхьал лаьтташ ши тIеман тоба яра, хIоранна а юкъахь 150 тIемалой а волуш.

Малофеевс дIахьедира шена Нохчийчохь шозза гира Дудиев а, Донашев а аьлла: дуьххьара тIемалой кечбечу лагерехь а, ткъа шолгIа - оьрсийн тIемангIуллакххошца тIематасадалар дIадоладалале а.

"Цаьргахь яра гранаташ кхуьйсу гIирс болу автоматаш. Том боьдуш сайна гонаха хуьлучуьнга бIаьрг тухуш а гира суна и шиъ", - дийцира Малофеевс.

Донашев ИбраьхIиман адвокато Гатаев Шамила шен агIор дIахьедар дира, тешо харц тоьшаллаш дина хиларх лаьцна. Цо дехар дира бехктакхаман гIуллакхан материалашна юкъатохахьара аьлла, 2000-чу шарахь Мархьокху-беттан 17-чу шарахь Керчан кIоштан кхело бинчу сацаман копи.

Цу сацамца а догIуш, Малофеев 2000-чу шарахь Чиллан-баттахь а, Зазан-баттахь а вуно генахь хилла тIом боьдучу меттигана. "Иза котамаш лечкъош хилла Керчехь бехачу мискачу нехан", - элира адвокато. Цул сов, Малофеевн психологин портрето а гойту цо цхьана а тIеман тасадаларшкахь дакъа лаьцна цахилар, бохуш вара иза.

Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев а, Донашев а лецира 2018-чу шарахь Лахьанан-баттахь. Стохка ГIуран-беттан 11-хь хиллачу кхелан кхеташонехь Оьрсийчоьнан хиллачу кхаа эскархочо дийцира 2000-чу шарахь Улус-Кертана гергахь хиллачу тIамехь шаьш дакъалацарх. Амма цара даре ца дира Дудиев а, Донашев а Басаев Шемилан тIемалой бу бохург. Цу шинна билла цхьа а бехк бац шайн элира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG