Дагестанехь шина зудчунна еттарна бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу прокуратуро Хайми эвларчу 49 шо долчу вахархочун дуьхьал. Зулам дина цо Каспийск гIаларчу цхьана кафехь.
Зударшца дар-дацара хиллачу стага буйнаш бетташ тIелатар дина 51, 54 шераш долчу шина зудчун. Лазийна и шиъ охьайиллина ю гIалан дарбанан цIийне, хаам бо "Регион онлайн" зорбан гIирсо.