Кхаа денна лерина нохчийн культуран денош дуьйлалуш ду кIирандийнахь Дечкен-беттан 19-хь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу Шарджа гIалахь (Шарджа эмират), хаам бо Vestikavkaza.rг сайто, Нохчийчоьнан культуран министрана Дааев Хож-Баудина тIе а тевжаш.
Цу фестивалана юкъахь хьовсархошна концерт гойтур ю республикерчу пачхьалкхан "Нохчо" хелхаран тобано, ткъа илланчийн тобано хозуьйтур ду нохчийн эшарш а, иллеш а. Цул сов, Шарджехь дIахьур бу нохчийн халкъан говзанчаша куьйга йинчу хIуманийн гайтам.
Шарджа уггар яккхийчерах кхоалгIа гIала ю Эмиратийн. Цигахь вехаш ву 1 миллион гергга стаг. Нохчийн куьлтуран денош дIадоьрзур ду кху беттан 21-хь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!