ФСБ-но Оьрсийчу а, аннекси йинчу ГIирме а вар дихкина Крым.Реалиина болх беш волчу Украинерчу журналистана Ибрагимов Тарасана. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, цу сайтан редакцина тIе а тевжаш.
Дозанхоша Херсонан кIоштан а, ГIирман а дозанехь Ибрагимовга деллачу кехата тIехь аьлла ду, цунна Оьрсийчоьнан территори тIе валар дихкина 2054-чу шаре кхаччалц аьлла. Журналисто дийцарехь, дерриг а кӀеда-мерза хилира, амма дехкар стенца доьзна бохучунна жоп доцуш ду.
Ибрагимовс шеца хилларг дузу шен журналистан балхаца, ша ГIирмерчу гIезалошна тIехь кхелаш ярх лаьцна дийцарна ГIирмехь а, Оьрсийчохь а. Цо иштта хаам бина дозанхоша дIахийцира ша аьлл, пIелгийн томмагIаш а, сурташ а даьхна.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ