ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалшна критика ечу журналисташна хIума тоха еза (мочить) аьлла Чувашин куьйгалхочо


Игнатьев Михаил
Игнатьев Михаил

Iедалшна критика еш болчу журналисташна а, блогершна хIума тоха еза (мочить) аьлла, кхайкхам бина Чувашин куьйгалхочо Игнатьев Михаила.
Цу тайпа кхайкхам бина цо Чебоксары гIалахь зорбан де даздан гулбеллачу Iедалшна муьтIахь болчу журналисташна хьалха вистхуьлуш. Цунах лаьцна яздо «Медиазоно, "Правда ПФО" зорбан гIирсана тIе а тевжаш.


Игнатьевс дицарехь, цхьаболчу журналисташа къинхьегамхочух цхьа а материал а ца язйина, амма яздо Европехь а, Америкехь а дика ду бохуш, Оьрсийчуьрчу Iедалшна критика а еш.

Цундела, олуш ма хиллара, царна хIума тоха еза (мочить), уьш мичара баьхкина, муьлхачу ойланашца, мичахь бехаш бу, мичахь болх беш бу, алапа стенах доккхуш бу дуьйцуш, боху Игнатьевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG