Материал кечйинарг "Настоящее время" телеканалан автор Марина СТУПАК
ГIажарийчохь ракета тоьхна дохийначу кеманчохь веллачун хиллачу хIусамнанас дагалоьцу шен цIийнда.
Украинан МАУ авиакомпанин нах дIасалело "Боинг" кема карарчу беттан 8-чохь дуьйхира ГIажарийчоьнан Тегеранан аэропортера хьалагIаьттича. Масех де даьллачул тIаьхьа дIакхайкхийра, Исламан революцин гIаролхойн Корпусан тIемалоша ларамза чудаийтина иза аьлла. Оцу бохамехь 176 стаг велира, шайлахь 11 Украинан вахархо а волуш: ши пассажир а, экипажан 9 декъашхо а, пилоташ а, стюардаш а. Авиакомпанин пилот хила лаамца, меттиг яларе хьоьжуш хилла МАУ-н стюард Матьков Игорь а ву беллачарлахь.
Цуьнан хиллачу хIусамнанас Александрович Кристинас бахарехь (исс шарахь цхьана даьхна и шиъ шо хьалха къаьстира), Тегеране ваха ца лууш хиллера Игорь.
"Цигахь ирча хьал лаьтта, тIом бала кхерам бу, юьйлина латтош ракеташ ю",- элира цо, Киеве ваха кечлучу юкъанна шайн тIаьххьара хиллачу къамелехь.
Жимчохь дуьйна Iалашо хиллера Игоран пилот хила. Дукха хан йоццуш пассажирийн лайнеран пилотан лицензи еллера цунна, дагалоьцу Кристинас. Стюард вара иза хIинццал схьа. Кристинас дийцарехь, МАУ-н авиакомпанехь бен болхбан лууш вацара иза. ХIинций-хIинций меттиг бер бу бохуш, ладоьгIуш Iаш хиллера Игорь.
10 шо хьалха девзинера и шиъ. Романтикаллин киношчохь санна дара бохуш, дуьйцу Кристинас шаьшиннан довзар а, дахар а. ХIетахь ша Римера Киеве йоьдуш яра боху, ткъа Игорь стюард хиллера цу кеман тIехь.
"Кеманчохь, стигалан Iаьршашкахь девзина ду тхойшиъ. Ас даим олура Игоре: "Хьо сан тIемаш долу малик ду! Сайн дуьххьара цунах бIаьрг ма кхийтти кхийтира со, сайна иза везавеллий. Цу дийнахь кемана хууш сайна елла талон хIинца а латтош ю ас безамна. Цхьа а элп а, терахь а къаьсташ дац цу тIехь, хIетте а сайгахь лелош ю ас иза", - бохуш, дуьйцу Кристинас.
"Дечкен-беттан 12-чу дийнахь девзина дара тхойшиъ. ХIора беттан цу дийнахь, хIора шарахь ца боху ас, хIора баттахь зезагийн курс оьцура цо суна совгIатна, - дагалоьцу зудчо. – Iаламат чIогIа хазахетара суна".
Нийса 9 шарахь цхьана даьхна Игорь а, Кристина а. Цхьа шо хьалха къаьстина хилла, амма доттагIаллин уьйраш дIа ца хадийнера цу шиммо. ТIаьххьара Игор Тегеранера Киеве воьдучу дийнахь телефонехула къамел хиллера церан.
"Суьйранна 19:36 минот яьллачу заманчохь хилира тхошиннан тIаьххьара къамел. Ас хаьттира хьо аэропортехь ву? Цо боху, ша кеманчохь ву. Цхьа тамашийна элира цо иза, сан дог Iовжош. Масаьрца а Iодика еш иза хилча санна, цхьа дегахаам бар-кх сан".
Юьхьанца Барселоне ваха везаш вара Игорь, Кристинас дийцарехь, амма эххар а рейс Тегеранца хийцира цуьнан. Кристинас дагалецарца, цига ваха лууш вацара Игорь.
"Тегеране ян езачу рейсах хьахийра цо.Тегеране ваха деза сан, цигахь дерг аьлла", - дагалоьцу зудчо. – Ас боху: "ХIу ду цигахь? Керланашкахь дуьйцучух хууш ма яцара со". Цо боху: "ТIом эккха кхерам бу цигахь, ракеташ ю юьйлина латтош".
Кема дохийна аьлла, ГIажарийчоьно хаамбича, мел а паргIат елира ша боху Кристинас.
"Кеманаш дохарх оха дукха дуьйцура. Цо олура, миччахь а кема дохахь а, бехкаш пилоташна тIетоттур ду. Уьш белла бу, цаьрга хIуммаъ хоьттийла ма дац олий. Кема ракета тоьхна, дохийна хилла аьлла, официалехь дIахьедича, мел а сапаргIат делира сан. Сихха велла хир ву-кх иза, хиллачух кхетале. Кхеравала а, лазар хаадала а ца ларош. И суна чIогIа коьрта ду", - бохуш, дуьйцу Кристинас.
Черниговскан кIоштарчу Козелец кIотарахь Игорь ваьхначу, цуьнан да а, нана а дехачу меттигехь дIавуллур волуш ву иза.
Игорь а, Кристина а даьхначу хIусамехь 6 цициг ду дисина. Кристинас бахарехь, царех цхьаъ доцург, дерриш а Игора кхехьна дара.
"Дуккха а суьрташ дисина тхан цхьана даьхна. Игорь дийнаташца а, берашца а волуш даьхна а ду. Тхо миччахь хилахь а, дийнаташ а, бераш а цунна тIегIертара. Ткъа бераш а, акхарой а Iехо хала ду", - боху Кристинас.