ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамаш халкъан кхоже баха тарло Охан-беттахь


Президентан Путинан гонашкарчу кхаа хьостанна тIе а тевжаш, РБК агенталло хаамбарехь, Оьрсийчоьнан конституцин хийцамаш халкъан кхоже боху де къастош, ши вариант ю йийцарееш – Охан-беттан 12-гIий, 26-гIий денош.

Халкъан кхоже Конституцин хийцамаш бохур бу Пачхьалкхан Думехь а, Федерацин Кхеташонехь а уьш тIеэцначул тIаьхьа.

Хийцамех лаьцна харжамхошка хоттур ду, элира Путин Владимира ша «Халкъе ДIахьедар» дечу муьрехь. Ткъа цо юьйцург яц референдум, хаттар халкъан кхоже диллар ду, билгалдаьккхира президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс.

Хийцамех кхаж тосу де а, кепаш а шен омрица къастор ю Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG