ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабибан дас хаийтина хIун мах белча шен воI летар ву Макгрегорца: «Схьало суна 100 миллион доллар»


UFC-н лахарчу йозаллехь чемпион волу Нурмагомедов Хьабиб кийча ву Ирландерчу Макгрегор Конорца лата, нагахь санна шена 100 миллион доллар лахь. Ишта ду Хьабибан дас Нурмагомедов Iабдулманапа РИА Новости агенталле дина дIахьедар.

"Тхуна а лаьа Конор эшон, амма схьало 100 миллион доллар. Фергюсонца латар доьрззушехь, схьало и ахча, дера летар ву-кх, стенна ца леташ ву? И барам шена оьшуш белахь [латар], вовшахтухур-кха Уайт Дэйнас [Ultimate Fighting Championship цхьаьнакхетараллин президент]», - аьлла чемпионан дас.

Лурчах Макгрегор а эшош, шегара UFC-н хьалханчин титул тIечIагIйира Нурмагомедов Хьабиба.

Ткъа кху беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь Макгрегора, 40-чу секундехь нокауте а хьажош, эшийна америкахо Серроне Дональд. Церан матч йирзича, UFC-н президента Уайт Дэйнас дIахьедина, Нурмагомедов лата веза Макгрегорца, «иза шен тIаьхьалонна мехала ду Оьрсийчуьрчу цунна», аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG