ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинна хьалха суждане а вахна, иза мара а воьллина, цунна барташ баха воьдуш ву иза"


Шемара Аззам Iаднан
Шемара Аззам Iаднан


Материалан автор Расулова Анастасия

Масех бутт а бу Шемара юрист, яздархо Аззам Iаднан Оьрсийчоь мел ю кхерсташ лела. ДIадахначу шеран Охан-бутт юккъе баьллачу заманчохь Дамаскера говрахь новкъаваьлла иза. Ткъа шолгIа, "Шеман седа" цIе йолу Iарбойн хохку говр, терроризмца къийсам латтош гIо дарна, пачхьалкхан президентна Путин Владимирна совгIатна яла лаам бу Iаднанан.

Дукха хан яра Аззам шен доьзалца Францехь веха. Шен даймахкна тIе халонаш эгча Шема юхавирзинера иза. Говрахь Оьрсийчухула чекхвала Iалашо цо кхобу масех шо а хиллера.

Шен некъах лаьцна документалан кино ю Iаднана йоккхуш. Исс баттахь Урдунехь а, ГIажарийчохь а, Азербайджанехь а хилла иза. ГIажарийчохь некъан хьовзам Iоттабеллера цунах: кир лело машен кхуьнан говрана тIетоьхнера. Цхьа говр оцу инцидентехь елира, ткъа Iаднан дийна висира цхьа Делан къинхетам юкъа а боьлла. Делахь а меттигерчу дарбан цIийнехь цхьа дей, буьйсий даькххира цо. Цул тIаьхьа гIаш лела дийзира цуьнан. Путинна совгIатна ялош йолу "Шеман седа" говр шен ма хуьллу кхоон гIертара иза.

Дагестанхоша вузийра, Кадыров дуьхьал ца велира

ГIадужу-баттахь Оьрсийчоьнца лаьттачу дозанашка кхечира шемахо. Цхьа кIира даьккхира цо Дагестанехь. Цигахь лаам хилира Iаднанан "Шеман седа" аьлла, говрана ша елла цIе "Путинан седа" алла, хийца.

Махачкалахь бехачу шен махкахошца кхузахь цхьанакхета аьтто а хилира цуьнан. БIе сов гергга стаг юкъахь а волуш диаспора ю цигахь. ГIалахула чекхваьккхира иза, дагестанхоша шайн кхачанаш бовзийтира. Говрийн божалахь Iалашъеш яра кхуьнан "Путинан седа" цIе йолу говр а.

Чохь мел оьшург а йолуш, жима машен яра Iаднан дIасалелош. Iарбойн маттахь йозанаш дара машенна тIехь дина, ши байракх яра тоьхна: Шеман а, Оьрсийчоьнан а. Дуьхьал мел кхеттачо буьйса яккха а, юучух кхета а чукхуьйкхура хIара. Церан догдикаллех цецваьлла шемахо.

Цул тIаьхьа Соьлжа-гIала кхача новкъавелира Iаднан, мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьанакхета дог а дохуш. Амма цхьана бахьанашца Кадыровца цхьанакхетар ца нисделира. 30-40 чакхарма некъ бо Iаднана дийнахь. Нохчийчуьра араваьллачу 4-чу дийнахь ГIалгIайчохь тIеийцира шемахо.

Админресурс: губернаторша вовшашка дIакхачош ву иза

Карарчу хенахь бIе чакхарма ю Iаднан Москва кхача йисинарг. Эзарнашкахь чакхарма бу цо хIинцале а бина некъ. Некъан полисхой улло бовлу цунна, иза дIасавоьдуш. Даим а цуьнца зIенехь ву, Iитталу проблемаш а ерзош, Уллубий цIе йолу Iаднанан Дагестанера доттагI.

"Дийнахь 10-зза телефонаш тохар нисло тхан вовшашка, цхьацца хеттарш нислой. Кхи дIа Липецкан кIоштара нехча йоккху, гоьваьлла Борев Владимир ву цунна гIо латтош. Гуттар аттачу даьлла гIуллакх, административан ресурсна иза тIетесчхьана: кIоштийн губернаторша вовшийн кар-кара луш ву иза", - дийцина "Кавказ.Реалиига" Уллубийс.

Шемахо Аззам Iаднан а, цуьнан доттагI Уллубий а
Шемахо Аззам Iаднан а, цуьнан доттагI Уллубий а

Кху беттан 15-чохь Москварчу ЦIечу майдана кхача дагахь вара Iаднан. Тулехь дагахь доцург дуьхьалдалар бахьана долуш некъ юкъахбелира цуьнан. Кафечохь къоладира цунна, 4 эзар долларшкахь ахча а доккхуш. Хьем ца хуьлуш, схьакарийра зуламхой полицина. Шемахочунна ахча а юхаделира.

Москвахь а шеца цхьана хилахьара хьо аьлла, Iаднана дехар дина шега боху Уллубийс. Шемахочун шех бIоболарца тасаделла доттагIалла ду аьлла хета Уллубийна: "Соьца атта хета цунна. Со цуьнан гочдархо а, хьехамча а ву."

Iаднана арабаьккхина некъ берза герга ду. Москва кхочуш ву иза, амма билггал хууш дац, Путинца цхьанакхетар хир ду цуьнан я дац.

"Говр-м лур ю цо совгIатна. Амма хууш дац, Путинца шеца я цуьнан администрацин векалца кхуьнан цхьанакхета аьтто бер буй, - боху "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь Уллубийс. – Арахьарчу гIуллакхийн министрна Лавров Сергейна а, оццу министраллан векална Захарова Марияна а хууш ду цо арабаьккхинчу некъах. Лавровн гIовса Богданов Михаила шен тергонехь латтош ду дерриг. Шеман посол денна зIенехь ву тхоьца".

Якутерчу шаманна Габышев Александрна хилларг хир-м дац -те шемахочунна а аьлла, деллачу хаттарна жоп луш элира Уллубийс: "Хир дац дера! ХIара Путинна хьалха суждане а вахна, иза мара а воьллина, цунна убанаш яха воьдуш ма ву".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG