ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коммерсант": стенгара долу Мишустин Михаилан доьзална миллионашкахь ахча?


БIеннаш миллионашкахь активаш ю деношкахь премьер-министран дарже хIоттийначу Мишустин Михаилан, цо хIора шарахь доху соьмашкахь иттаннаш миллионаш, депозиташка ахча а дуьллуш, яздо "Коммерсант" газето.

1990-чу шерашкахь «Дуьненаюкъарчу компьютерийн клубехь» болхбеш даьккхинчу ахчанах эцна шена Мишустина хIусамаш, боху газето.

2000-чу шерийн юьххьехь ял гулъечу министран гIовс хIоьттича, цунна президентан гIуллакхийн урхалло петар елира Москвахь Трехгорный Валехь. Ткъа 2005-чу шарахь МишустингIара, Михаила а, цуьнан зудчо Владленас а, шайн берашна лаьттан дакъа а, цIа а совгIатдира, «Коммерсанто» дийцарехь. Амма 2010-чу шарахь доьзало бахамийн реестрехь къайлаяьккхина шен цIе – хIинца церан бахам бу Оьрсийчоьнна тIеязбина (иштаниг а магодо низамо).

2008-чу шарахь UFG цIе йолчу инвестицийн компанехь болхбан волавелла Мишустин Михаил. Шо даьлча цо чуеллачу декларацино дийцарехь, цо шарахь даьккхина алапа ду 79 миллион сом. 2010-чу шарахь Оьрсийчоьнан йолан урхаллин коьрте хIоьттина иза.

Ша Iедалан балха юхавеача, шен зудчуьнга дIаелла Мишустина шен активаш. И активаш доьзало дIайоьхкина 2015-2016-чу шерашкахь –царех Мишустина Владленас схьаэцна 310 миллион сом.

«Йиллина медиа» ("Открытые медиа") портало бахарехь, Москварчу Рублёвкина гена доццуш 2,6 гектар латта ду МишустингIеран - "Коттон Вэй" эвлахь. Оццу хьосто дийцарехь, 2456,7 квадрат-метрах лаьтта пхи цIа а ду доьзалан. Оцу бахаман мах бу, «Йиллинчу медиан» информацица, 1,5 миллиард сом. Ткъа оццул ахча Мишустина Михаила даьккхина дац, цуьнан декларацино гойтучу терахьашца дуьстича. ТIаьххьарчу 9 шарахь ша а, шен зудчо а схьаэцна ахча миллиард ца кхоччуш ду аьлла гайтина цо декларацехь, боху интернет-портало.

Коррупцица къуьйсалучу фондан лидера Навальный Алексейс деношкахь дехна Мишустине дийцар, муха даьккхина цуьнан зудчо 2010-чу шарахь 800 миллион сом гергга ахча. "СПАРК-Интерфакс" базин информацица, Мишустинан долахь яц цхьа а компани, вац иза я совдегар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG