ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Шемахь Американ салташа къовсаме яьллачу мехкдаьттан хьосте ца битина Оьрсийчуьра эскархой


Къовсамехь йолчу мехкдаьттан хьосте ца битина Шемахь Iамеркахоша Оьрсийчоьнан эскархой, яздо Туркойчуьрчу Anadolu агенталло.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарша шайн дола эца лерина йолчу Румейлан метте доьлхуш хилла Оьрсийчуьра эскарш. Уьш совцийна курдойн тIемалоша доладечу меттехула чекхдовлуш – ца белла дIадаха некъ.

Оцу метте кхача Оьрсийчуьрчу эскаршна хьалхо дихкира курдойн YPG олучу тIеман тобано а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG