ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь ханна дIакъевлина ши школа – чоьнан инфекци бахьанехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIизларахь чоьнан ун гучудаларца доьзна Iедало кхоьллинчу кхеташоно сацамбина №7 йолу школа а, №6 йолу гимнази а ханна дIакъовла. Цара болхбийр бац кхаа дийнахь, билгалдоккху Дагестанерчу "Черновик" газето.

Чоьнан ун кхетарца доьзна ши бIе гергга стаг дарбан цIийне виллина ГIизларахь, бераш ду царех 103, аьлла гIалин дарбан цIийнан куьйгалхочо Облов Станислава.

Двагестанан прокуратуро къастийна ма-хиллара, ун даьлла биргIанаш чуьрачу хих.

Де хьалха Дагестанан премьер-министр Здунов Артем реза ца хилира мехкахь кхачан башхалла тергалъечу Роспотребнадзоро ГIизлара школаш дIакъовлийта аьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG