Чайка Юрийс дуьтуш ду шегара Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран дарж. Президента Путин Владимира оцу дарже кховдийна Талламан комитетан куьйгалхочун гIовсан Краснов Игоран кандидатура.
«Кхечу балха дехьаваларца доьзна» мукъавоккхуш ву шегарчу даржах Чайка. ХIун болх лур бу цуьнга хууш дац цкъачунна. Президентан дехар Федерацин кхеташоно дийцаредийр ду тIедогIучу кхаарехь.