ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен ден накъостех хьехамчийн кхеташо кхоьллина шена Кадыровс


Белхан рожехь къахьоьгу хьехамчийн кхеташо кхоьллина шена шен деца болхбинчу ветеранех Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза ша хир ву цуьнан коьртехь. Оцу хьокъехь хаам баржийна РИА "Новости" агенталло.

"Консультацийн кхеташо кхоьллина Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь, цунна юкъагIур бу хьалха мехкан а, кIоштийн а куьйгаллехь Iийна нах», - билгалдоккху Кадыровн пресс-гIоьнчалло.

Хаамо бахарехь, Iедална мехкан экономика, политика, юкъараллин гIуллакхаш дIакхехьа некъаш хьоьхур бу кхеташоно, «мехкан куьйгалхочо сацамбина оцу нехан зеделлачух, хаарех пайдаэца».

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG