ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцина тIетохарш кховдийна Пачхьалкхан Думе. ХIун хийца дагахь ву Путин



Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира оршотан дийнахь Пачхьалкхан Думе кховдийна Конституцина тIехь хийцамаш барх лаьцначу низаман проект, хаам бира пачхьалкхан куьйгалхочун зорбан секретаро Песков Дмитрийс.

Песковс дийцарехь, и документ Думехь дийцаре деш президентан векалш билгалбаьхна Конституцина тIехь бан беза хийцамаш кечбечу белхан тобан декъашхой – Федерацин Кхеташонан декъашхо Клишас Андрей а, пачхьалкх кхолларехула а, низамашкахула а Думан комитетан куьйгалхо Крашенинников Павел а, ткъа иштта низамашкахула Институтан директор Хабриев Талий а.

Пачхьалкхан Думан сайта тIехь гучудаьллачу документана тIехь гойтуш бу Конституцин 22 артиклна тIехь хийцамаш бар.

Пачхьалкхан Кхеташо (Госсовет)

Конституцина юкъаялош ю Iедалан керла орган – Пачхьалкхан Кхеташо. Иза кхуллу президенто, "пачхьалкхан Iедалшка бертахь болх байта а, Оьрсийчоьнан Федерацин чоьхьара а, арахьара а политикан коьрта чулацам а, пачхьалкхан социалан-экономикан кхиаран коьрта агIонаш билгалъяха а, Iалашо йолуш. Пачхьалкхан Кхеташонан чулацам билгалбаккха безаш хир ду, хIинца а тIеэцна доцу низам.

Iедал кхоллар

Пачхьалкхан Думан бакъо хир ю президенто хьалхатеттина Iедалан куьйгалхо а, ткъа премьеро хьалхатеттина вице-премьераш а, ницкъаллин структурийн министр боцурш, министрш а тIечIагIбан. Ницкъаллин органийн министрш тIечIагIбийр бу ша президенто, Федерацин Кхеташонца дагаваьллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна президентехь бакъо юьсуш ю премьер-министр а, министрш а даржашкара дIабаха.

Президентан ши хан

Низаман проекто президентан даржехь цхьа стаг хилийтаран терахь дуьйцучу Конституцин артиклера дIадоккхуш ду "тӀекӀел" (подряд) дош. И артикл иштта хир ю: "Оьрсийчоьнан Федерацехь цхьана стеган бакъо яц президентан дарж шозза бен дIалаца".

Иза ду, Путинан 2024-чу шарахь президентан даржехь мандат чекхдаьлча, иза цу дарже юхавалур вац бохург.

Социалан юкъарахиларш (гарантии)

Конституцехь билагалбаьхна хир бу уггар лахара хила мегачу алапан а, пенсийн индексацийн а барамаш. И тIетохар юкъадахийтина соьмах а, Коьртачу банках а лаьцначу 75 артиклна, уггар лахарчу алапан барам олу (минимальный размер оплаты труда – МРОТ) кхетам а, пенси эца йолу бакъо а Конституцин адамийн бакъонашца йоьзначу артиклехь юьйцуш ялахь а. Цу тайпа сацам баран бахьана хила мега, адамийн бакъонех лаьцна артиклш хийца Конституцин гуламан а бен бакъо ца хиларна.

Депутаташна а, лаккхарчу даржашкарчу Iедалхошна а дехкарш. "ГIирман" тӀетохар

Путина дош делла ма хиллара, керла дехкарш юкъадохуш ду депутаташна а, Федерацин Кхеташонан декъашхошна а (царах хIинца "сенаторш" эр ду), министршна а, суьдхошна а. Церан бакъо яц кхечу пачхьалкхийн махкахой хила а, кхечу махкахь баха бакъо лон документ хила.

Президент хила бакъо яц Оьрсийчохь лаххара 25 шо цо ца даьккхинехь. Цуьнан бакъо яц кхечу пачхьалкхан махкалла хила а, кхечу пачхьалкхехь ваха бакъо хила а я хьалха кхечу пачхьалкхан махкалла хилла хила а.

Цуьнца цхьаьна тӀетохар дина иза хьакхалуш дац аьлла, дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнах дIатоьхначу пачхьалкхан хьалха махкалла хилла болчу Оьрсийчоьнан Федерацин махкахойх. Схьагарехь, юьйцург ю ГIирма.

Конституци хьалхе йолуш хилар

Цул сов, тIечIагIдеш ду Оьрсийчоьнан коьрта низам коьрта хилар дуьненаюкъарчу бертел а. Дуьненаюкъара берташ хьалхе йолуш бу аьллачу 15-чу артиклна тIехь а ца беш, и хицамаш беш бу 79 артиклна тIехь.

Конституцин кхелан бакъонаш

Документца а догIуш, Конституцин кхело толлур ду парламенто тIеэцна низамаш, пачхьалкхан коьртачу низамца уьш догIуш хилар къастош. Конституцин кхелан декъашхойн терахь лахдеш ду - 17-на тIера 11-на тIекхччалц. Суьдхой хIиттор бу президенто, Федерацин Кхеташо реза а йолуш. Иштта кеп лелор ю регионашкара прокурораш хIиттош а.

Ерриг Оьрсийчохь кхажтасар

Оццу низаман проекто боху, парламенто Конституцина тIехь хийцамаш бинчул тIаьхьа уьш кховдор бу "ерриг Оьрсийчоьнан кхажтасаре". Цу тайпа термин Оьрсийчохь лелачу низамашкахь йоцуш ю, юьйцург референдум яц. Муха а, маца а дIахьура ду и кхажтасар – кхеташ дац.

  • Конституци хийцар хьокъехь план хиларх лаьцна Путина дIахьедар дира Дечкен-беттан 15-хь. Дерригхалкъан кхажтасар, РБК-но дийцарехь, хила мега Оханан-беттан (апрель) 12-чу дийнахь.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG