ГIажарийчоьнан бахаман авиацин куьйгалло шолгIа довзийтар арахецна Украинан «Боинг» дохорах лаьцна. Документо бахарехь, Оьрсийчоьно арахецначу "Toр-M1" комплексца «латта-хIаваъ» кепара ракета тоьхна дохийна кема. Оцу хьокъехь яздо Bloomberg-о.
Украинан «Боинг» кеманна ши ракета тоьхна Тегеран гIалин къилбаседа декъехьара, боху гIажаройн Iедало. Кема ирхдаьлла 6 минот яьлча дина цунна тохар, иза радарашна гучуьра а даьлла, некъах а тилла, нах бехачу куьпал дехьа, футболан майда юьстах а юьтуш, чудоьжна есачу меттехь.
Тергамбечу камераша яьккхина видео яра социалан машанашкахь яржийна юьхьанца дуьйна.
Хаамехь боху, дохийначу «Боинган» техникан хьал довзуьйту баттарчий уггаре чолхечех ю дуьненахь, царна чуьра информаци еша аьтто ца баьлла Тегеранан.
Bloomberg-о дийцарехь, Франци а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а реза ца хилла оцу баттарчийн информаци йоьшу техника гIажарошна яла. Цкъачунна кхеташ дац, хIун хир ду оцу баттарчех. ГIажарийчоьно ша толлур ю уьш, элира хьалхо – амма дIа ца елира Украине а.
«Украинан дуьненаюкъара авианекъаш» компанин «Боинг» дохийна Тегеранан стигалахь кху беттан 8-чу дийнахь. Велла 176 стаг, шайх дукхахберш гIажарой а, канадахой а болуш.
Бохам кеманера техникан хьал вон хиларца иккхина, бохура Тегерано юьхьанца. Амма цо тIаьхьо бакъдира шайн ницкъаша цунна ракета тоьхна хилар. ХIинца пачхьалкх къера ю кема шен эскарша чудаийтина хиларх. Цунна герз гIалат а бевлла тоьхна стигал Iалашъечу шен ницкъаша, чIагIдо ГIажрийчоьно.